МУ "ОТДЕЛ ОБРАЗОВАНИЯ АЧХОЙ-МАРТАНОВСКОГО МУНИЦИПАЛЬНОГО РАЙОНА"

Официальный сайт

Нохчийн маттахь тоьлла сочинени

22.03.2024

Бекарг беттан 22 дийнахь Т1ехьа-Мартанан к1оштан №1 йолчу ишколехь д1абаьхьира к1оштан «Нохчийн маттахь тоьлла сочинени» дешархоша шаьш кхоллараллин белхаш йаздар, церан предметехула а, г1иллакх-оьздангаллехула долу хаарш таллар йара къовсаман 1алашо. Къовсамехь дакъалоцуш бара шайн ишколашкахь толам баьккхина болу 9-11 классера дешархой. Къовсамхошна билгалйина 3 тема йара: «Ненан мотт- аганан илли», «Даймехкан декхаро г1аттийна вог1у со...», «Нана, хьан дикалла кхачайац йийцарх...» Верриге а къовсаман декъашхо 26 вара. Жам1аша билгалвоккхур ву тоьлларг!

Т1аьхье Дала беркате йойла!